Бременские музыканты (на чеченском языке)

Бременские музыканты (на чеченском языке)

Жанр: Фольклор
Язык: Чеченский
Год издания:
Бремен-гIалара иллиалархой

Цхьана заманахь вехаш-Iаш хилла цхьа хьархо. Цуьнан Iаламат чIогIа дика вир хилла. Ницкъ болуш хиларал а сов, иза чIогIа хьекъале дийнат хилла. Дуккха а белхаш бина виро хьерахь, шен букъ тIехь дама чохь долу галеш дIаса а кхоьхьуш. ТIаьххьара а иза къанъелла.
Хьархочунна гуш хилла виран гIора дIадаьлла хилар а, иза балхана кхин пайденна цахилар а. Цундела цо иза, кех а яьккхина, дIаэккхийна.
Кхераелла вир. Цо ша-шега бохуш хилла: «Со стенга гIур ю? Со мичахь Iийр ю? Со къан а елла, сан гIора а дIадаьлла», - бохуш.
Цул тIаьхьа цунна дагадеана: «Бремен-гIала яха еза со – цигахь урамнекъашкахула эшарш а лоькхуш, лелар ю со».
Цо иштта дан а дина – иза Бремен-гIала яха новкъаяьлла.
Новкъахула, вирах а Iоьхуш, дIайоьдуш хилла иза. ЦIаьххьана цунна гина некъа тIехь Iуьллуш долу таллархойн жIаьла. Иза, мотт ара а баьккхина, хала са а доьIуш, Iуьллуш хилла.
- Хьо хьуьхьдоьлла Iуьллуш ма ду, хьуна хIун хилла? – аьлла, хаьттина виро жIаьлига.
- КIадделла со, - аьлла жIаьло. – Дехха дедда деана со, цундела кIад а делла.
Если вы являетесь автором данного документа и желаете удалить его из публичного доступа, свяжитесь с нами через обратную связь


Скачать файл