Пайхмаран ишкол

Пайхмаран ишкол
Категория Религия
Язык Чеченский (ce)
Описание

Хьоме бераш! «Пайхамаран ишкол» цIе йолу хIара жима жайна шуна лерина кечдина оха, хIокху жайнин гIоьнца шуна довзийта: АллахI а, Цуьнан элча Мухьаммад а муха веза веза а, муха лара веза а; нахаца муха хила деза а, хьарам-хьанал муха къастон деза а; да-нана,йиша-ваша, гергарнаш муха лара беза а. Боккъал а оьзда, г1иллакхе бусалба муха хила веза а Iамадо хIокху жайно. Беран дог а, ойла а, олург а, лелар а, хьажар а, охьахаар а, хьалагIаттар а, чу-ара далар а, тIекере далар а, духар а оьзда муха хир ду аIмадо хIокху жайно. ХIунда аьлча пайхамара (АллахIера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «ЦIоналла ах дин ду». Хьоме бераш! Къоман тIаьхье!Юкъараллин ирс! Вай тешна ду-кха шу кхуьург хиларехь: АллахIана а, элчанна а муьтIахь долуш, пайхамар везаш, дас-нанас аьлларг деш, йиша-ваша дезаш,гергарлонаш лардеш, гонаха болучарна пайдехь долуш, къинойх гена дуьйлуш,ламазехь леррина долуш, эхь-бехк долуш,шалхонаш йоцуш, мотт цIена лебеш, Делах кхоьруш, Iамал-Iибадат дукха дезаш, Дела хьехор алссам долуш... Хьоме бераш! Шун хаза кхиарах доьзна ду-кха: юкъараллин ирс, оьздангалла, хIусамаш гIиллакхо худар,вовшех дог лозу чкъор а хилла дахар, вониг деъначу муьлххачу а хIусамехь дакъа кхачар...

Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.