Зеламха

Зеламха
Год публикации 1966
Категория Другое
Язык Чеченский (ce)
Описание

Автора хIокху шен историйн романехь вайна вовзуьйту коьрта турпалхо, шен заманехь паччахьан Iедалан къизалло, халкъан тIехь латточу Iазапо, къоман Iадаташ емалдаро маьршачу дахарх хадийна, лаьмнашца Iуьллучу жимчу юьртара Харачуьра къона вахархо Зеламха ву. Оцу Iедалан харцонна дуьхьал нийсо езаш къийсамехь ша латтарца махкахь а, махкал арахьа а халкъашна къонах санна вевзаш билгалволу иза.

Паччахьан олаллин дукъ дазделла гIорасиз хилла, цхьанхьарчу орцане сатесна висинчу муьлххачу а къехочунна дагавогIуш хилла майра Зеламха. Амма, XX-чу бIешеран юххехь, оцу харцонна дуьхьал цо болийна и къийсам кхойтта шарахь бахлой, хеда, нийсонан масал хуьлий, ша халкъан даг чохь а вуьсуш.

Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.