Йилбазан оьмар

Йилбазан оьмар
Категория Проза и поэзия
Язык Чеченский (ce)
Читать онлайн
Описание

"Балха ваха новкъа ваьлла вогlура Махьмуд.
«Хlара хlун ду?! Кху меттехь райком ма лаьттара...»
Ши гIат яра хьерахь. Лахахь къоначеран синош охьура. Лакхахь - баккхийчеран. Шаьш белла дlабовллалц.
Пхьархой кест-кеста хийцалора. КIаркIар-м цхьаъ яра. Хьийзара, хьийзара, хьийзара хьера саццаза. «Хьуна дуьне деза? Хьуна хьуо кху дуьнена да ву моьтту? Хьуна хьайна хуург тхуна хуучул деза ду моьтту? Хьо ваха гlерта? Хlан-хlа, иштта ма ваха! Иштта гулдеш дац рицкъа. Дlахьажал дlога кхимарехь воллучуьнга. Tle xlyp а биллана, хьацарша а вуьзна, лаза даьллачу догах куьг а детташ воллу иза, пекъар. Гой хьуна цуьнан коьртера къежъелла месаш? Гой хьуна цуьнан дера, сиха хилар? Ца го хьуна иза, ца ларош воллуш, дийнахь са а, буьйсана наб а йоцуш? Иманехь ван а вуй цунах къа ца хетарг? Цул сов, пхи юьхь ма ю цуьнан лаххара а. Иттех юьхь ерш а хуьлу царна юьккъехь-м, лакха хьала мел бовлу. Цхьа юьхь - кху хьерахь. Важ юьхь - кхул а йоккхачу хьерахь. Важа-гергарнаш болчахь, важа-гуламашкахь, важа-шен доьзалахь, важа-езачарна дуьхьал хlуттуш, важа... Масане хуьлу уьш! Уьш ерриге а шеца лело езаш, шай хеннахь хийца хууш, оьшу-оьшу бос хуьйцуьйтуш хила ма еза! Хьерахь лелш ерг йиц а йина вон-дикане нахана юкъе воьдахь кичча юьхьlаьржо ю. Нах буьйлур бу. lовдал ву эр ду. Бал хара дlавоккхур ву. Ткъа мичахь карор бу юха иштта сийлахь цхьархочун болх, кху хьерахь санна? Кхимара улло а хиъна берана тlе детталуш долу хи тlуьна ду-дац хьаьжчахьана ма волу иза. Хьанна хаьа нагахь цу хица дечиг, тlулг, я эчиг нислахь хьеран беранан пиллиг кагдаларан а сахьт ма дац. Иза ду уггаре а кхерамехь лоруш дерг."

Войдите в свой аккаунт, чтобы добавить комментарий.